ЧЕЧЕНСКИЕ СТИХИ

ЧЕЧЕНСКИЕ СТИХИ
публичная страница
2135 подписчика
Группа ЧЕЧЕНСКИЕ СТИХИ размещена в разделе Публичная страница. Официальный домен/сайт club89724105.
Блокировка

Нет ограничений

Видимость

открытое

Верификация

Сообщество не верифицировано администрацией ВКонтакте

Популярность

У сообщества нет огня Прометея

ID

89724105

Домен

club89724105

Название

ЧЕЧЕНСКИЕ СТИХИ

Статус

Описание

АССАЛАМУ АЛЕЙКУМ МАХКХОЙ. ДОБРО ПОЖАЛОВАТЬ В ГРУППУ ЧЕЧЕНСКИХ СТИХОТВОРЕНИЙ.ЗДЕСЬ СОБРАНЫ НЕ ТОЛЬКО СТИХИ,НО И ПЕСНИ,ТЕКСТЫ ПЕСЕН И.Т.Д. УВАЖАЕМЫЕ УЧАСТНИКИ ГРУППЫ,ЕСЛИ У ВАС ЕСТЬ ЖЕЛАНИЕ ВНЕСТИ СВОЙ ВКЛАД В РАЗВИТИЕ ГРУППЫ И ЗАНИМАТЬ ОПРЕДЕЛЕННУЮ ДОЛЖНОСТЬ,МЫ БУДЕМ РАДЫ ПРИНЯТЬ ВАС В НАШУ КОМАНДУ,ПИШИТЕ.. ДОБРО ПОЖАЛОВАТЬ К НАМ!!! По всем вопросам обращаться к администратору(Залина Исхабова).

Тип

публичная страница

Возрастное ограничение

16+

Тематика

Публичная страница

Стена

ограниченная

Сайт

не указан

Подписчики
2135 подписчика

Записи сообщества

Доьзалехь бийцар а дастама хеташ, Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь. "Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!" - Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь. Ладог1ал цкъа соьга, "хьекъале корта", Ладог1ал, яккхий д1а лергара потт: Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт. Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш, Мостаг1че вистхуьлуш - ду ира герз, Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш, Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз! Мерза бу моз санна ша безачунна Ламанан шовданал ц1ена бу и. Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга Услара даггара хестина и. Б1ешераш хийла д1а ихна, и бекаш, Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу, Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецаш Даима ша хилла нохчийн мотт бу. Вайн къоман ойланаш, дахар а г1ийла Далхадеш, къийсамна г1иттийна цо. Нохчийн майралла, оьзда хийла Зевнечу иллешкахь йекийна цо! Сийлахьчу Октябро шуьйра некъ белла, Тахна вай ирсехьа г1улч туьйсуш ду. Кавказан лаьмнашкахь эшаре баьлла, Вайн дегнаш г1иттадеш нохчийн мотт бу. Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна, Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу. Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн х1алкъцанна, Хаалахь, декъазниг,- хьо чьалха вуй! Айдамиров Абузар – Ненан мотт

Хьох лаьцна яздина, Дийца а дийцина. “Хьайна безахь”,бохуш, Хьеха а хьо бина. Хьехорах пайда буй, Хьо хууш ца хилча? Хьо бийца хуур дуй, Хьо безаш ца хилча? Хьо бийца 1емар вац Дагна хьо ца безарг. Юьхьк1айн а лелар вац Хьо бийца цахуург. Нехан говра хиъна Вон бере шех хилла, Кхардамехь вехар ву Хьо хийра леринарг. Хьо безаш волчунна Пондаран аз ду хьо, Хьайца уьйр йоцчунна Гихь беза мохь бу хьо. Хьо хууш волчунна Жовх1арийн х1онс ю хьо, Хьайца шовкъ йолчунна Чам тайна стом бу хьо. Хьайн хазнех кхиъначун Вахарехь ирс ду хьо, Хьайх хераваьллачун Д1атесна некъ бу хьо. Ойла хьайца ечун Бух боцу х1орд бу хьо, Кхин толош волчунна Совбаьлла г1ирс бу хьо. Сан ч1ог1а дог лозу Хьо ца хууш волчух, Амма эхь ца хета 1амо ца г1ертачух. Суна сайн ца хета Ненан мотт бицбинарг, Б1аьрга ван ца веза Кхечух и хийцинарг. Хьо ца безаш волчо Шен нана лорур яц, Ненан сий ца дечо Мехкан сий лардийр дац. Ненан мотт ца хаар- Шен кхерч цаларар ду, Кхерчан да цахилар- Маьттаза вахар ду. Дагах чекх ов доккхуш, 1овжамен бийцало, И дог малхах тардеш, Хьо сирла бийцало. Харцонан некъ хадош Буьрса аз ду хьоьца, Бакъонна некъ боккхуш Хьехамен хьо буьйцу. Суна хьох къахета, Бийца ца хуучо, Хьайн куьцах бохийна, Мерза чам талхийча. Чов хуьлу сан дагна, Доггах ца безачо, Шен г1алат дицдина, Сийсазбеш,бийцича. Хьайн ненан мотт хаахь, Ас дозалла до хьох, Даггара и безахь, Ас хастам бо хьуна. Доттаг1а, варийлахь, Цунах ма херлолахь; Ненан мотт хьайн бацахь, Байлахь вуй,хаалахь! Шайхи Арсанукаев – Ненан мотт

Дахаран цу беша ирсана х1у тесна, И хьала къадаран хене са тесна. Цу гонаха юьйцина керта т1е тевжина, До1анца дог1ане хийлаза кхайкхина.

Дуьненах къастале, кешнашка даьрзале 1амий вай Доттаг1ий, безамца дела Дог хьостуш вовшашка ала "Хьо воцуш дахар дац мерза" "Хьо йоцуш лиъна вац ваха" Ца оьшу кханенга таьтта Безамна къайлах садаьтта Дахар вайн хедаш ду кхаьтта

Вай лийраг хиларах шеко шай елахь, Къовса, шаьш набаре эша ца дайта. Эхартахь г1овторах ца тешаш делахь, Хьовсийла 1уьйрана ца вала сама.

И даьхний гулдарехь уьдуш са хаьдда, Цкъаъа хьо лийр воцуш санна кадетта. Гергарчу хьай неха марзонах хаьдда, Муьлхачу дикане хьо кхача г1ерта?

Сайт TOP100VK.COM НЕ собирает и НЕ хранит данные. За достоверность информации сайт ответственность не несет.

Почта для жалоб: jaredgeharrmerlesch@gmail.com (удаляем страницы по первому запросу!)

Удалить содержимое страницы